ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIехь ницкъбина шен хIусамда вийнарг хенал а хьалха маьршаваккхарна латкъам бина ГIалгIайчуьрчу яхархочо


"Э" Центран хилла хьаькам Хамхоев Тимур
"Э" Центран хилла хьаькам Хамхоев Тимур

Къизаллаш лелорна кхел йина хилла ГIалгIайчуьрчу экстремизмана дуьхьало латточу Центран хилла хьаькам Хамхоев Тимур юха а колони вахийтар доьху Долиев Мохьмадах йисинчу зудчо. Кху деношкахь, тоьхначу хенал а хьалха (УДО), араваьккхинера иза.

Хамхоев набахтера аравоккхуш кхело бинчу сацамна апелляцин арз чуделла Долиева Марьяма. Долиевн гергарчаьрга, иза маьршаваккхарх кхело сацам тIеэцначул тIаьхьа бен хаийтина цахилар а, иштта иза къиза зулам дарна чувоьллина хилар а билгалдоккху зудчо шен кехата тIехь. ДолиевгIеран адвокато Ибриева Хедас дийцина "Кавказский узел" агенталле, хан хийца магош йолу хан текхна а цахилар Хамхоевс колонехь.

Апелляцин орзана тIехь билгалдаьккхина, Хамхоев маьршаваккхар кхераме хила тарло Долиеван кхерамзаллина аьлла.

"Э" Центран гIишло чохь 2016-чу шеран аьхка велира Долиев Мохьмад. Банкана къола дина хиларна къера хила, бохуш ницкъбина хиллера цунна. Талламо тIечIагIдина, Долиевн коьртах тIоьрмиг а боьллина, цунна ток еттийтина хилар. Ши шо даьллачул тIаьхьа Нальчикерчу тIеман кхело сацам бира оцу зуламана бехкеволчу ворхI декъашхочун хьокъехь.

"Э" Центран а, ФСБ-н а, полицин а хиллачу ялх белхахочунна кхаа шарера 10 шаре кхаччалц набахтехь яккха хенаш туьйхира, ткъа кхин а цхьанна арахь яккха хан кхайкхийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG