ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РСЕ/РС корпорацино емалдина Оьрсийчохь "зорбан гIирсийн кхечу мехкийн агенташна" бахархой юкъатохар  


Маршо Радио/Маьрша Европа Радио корпорацин (RFE/RL) коьрта хIусам

Маршо Радио/Маьрша Европа Радио корпорацино емалдо "Зорбан гIирсаш – кхечу мехкийн агенташ" тептарна Оьрсийчуьра бахархой юкъатохар, шайна юкъахь Маршо Радион Оьрсийн сервисана болх беш болу журналисташ а болуш. Оцу юстицин министраллан сацамах лаьцна хаийтина оршотан дийнахь. Иза дуьххьарлера оцу тайпа сацам бу.

Маршо Радио/Маьрша Европан Радион вице-президент а, коьрта редактор а йолчу Синделар Дэйзис Оьрсийчоьнан Iедалша бина сацам бахьана долуш дIахьедина: "Оьрсийчоьно "кхечу мехкийн агенташ" бу аьлла дIакхайкхийначарна юкъахь уггар хьалха журналисташ хилар емал дан догIуш ду.

Север.Реалии проектант тхан белхан накъостий жоьпаллица лелар шаьш дуккха а проблемаш юьйцуш – дешан маршонна тIера меттигерчу Iедалаша лело коррупци а, коронавирусан ун даьлла нах алсамболуш а хиларх лаьцна дуьйцуш.

Тахана ша бинчу сацамца юстицин министралла шалхо ца лелош кхето гIерта хиллачунах дог цIена дийцар шен бIаьргашчохь зулам дар хиларх, ткъа ша цхьана а хIуманна хьалха соцур йоцуш хилар а, хуьлург довзийта гIертачу, Оьрсийчоьнан бахархой ларбечу а, шайн махкахошна царна хетарг дийца аьтто лучу а адамийн аьзнаш совцо гIертарехь".

Оьрсийчоьнан юстицин министраллао оршотан дийнахь 5 стаг юкъатоьхна "кхечу мехкий агентийн функцеш кхочуш ечу кхечу пачхьалкхийн зорбан гIирсийн" реестр-на.

Реестр-на юкъавахна бакъонашларъярхо Пономарев Лев а, юкъараллин жигархо Апахончич Дарья а, Маршо Радион Оьрсийн сервсо бечу балхана юкъахь дакъалоцу журналисташ Савицкая Людмила а, Маркелов Сергей а, ткъа иштта Маршо Радион Оьрсийн сервисан автор а, "Псковская губерния" сайтан коьрта редактор а волу Камалягин Денис а.

2019-гIа шо чекхдолуш тIеэцначу "Зорбан гIирсаш – кхечу мехкан агент" низамца а догIуш кхечу мехкан агент лара бакъо ю арахьара агент санна билгалбаьккхинчу зорбан гIирсан, я оцу тапйчу вахархочун материалаш яржош волу а, кхечу пачхьалкхера ахча оьцуш волу а уьш кечйеш дакъалоцуш волу а, кхечу пачхьалкхера ахча оьцуш волу а муьлхха а вахархо. Оьрсийчоьнан министралло ца хаийтина хIун бахьана долуш реестр-на юкъатоьхна ша билггала и 5 стаг.

Хьалхо "кхечу мехкийн агентийн" тептарна Оьрсийчохь юкъатоьхнера, къаьсттина, Маршо Радион Оьрсийн сервис а, цуьнан регионийн проекташ а, "Карара хан" телеканал а, ткъа иштта Маршо Радио/Маьрша Европан Радио медиакопорацин кхин а масийтта дакъа а.

Тептарна юкъатохаро дехкарш юкъадоху зорбан гIирсашна, масала, церан декхар ду ша бинчу белхан финансин отчет Iедалшка дIаяла а, шен зорбане йовлучу материалашна Оьрсийчоьнан Iедалан урхалло билгалдаьккхинчу йозанца билгало хIотто а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG