Оьрсийчоьнан премьер-министро Голикова Татьянас дIахьедина, пачхьалкхехь тIебогIу пайда хене вала таро лучу барамал а лахара болу 80 процент бахархой – бераш долу доьзалш бу аьлла.
Цо бахарехь, царна гIо кхачон оьшург 700 миллиард сом ахча ду. "Къоьллех вала аьтто бен сацамаш тIеэцарх" хьахийна Голиковас, "сихонца ца нислахь а, амма къоьлла эшон" таро хир ю аьлла, билгалдоккхуш. ХIун сацамаш бу бинарш вице-премьеро ца хаийтина.
Гезгамашин-баттахь Росстато хааме даьккхира, къен дахар хьоьгучу нехан терахь лакхадаьлла стохкалерачу шарца дуьстича аьлла. Церан зерашца, хьалхалерачу терахьашна 1,3 милион стаг тIе а кхетта, 20 миллионе гIоьртинера. И бохург ду - къоьлла ловш 13,5% пачхьалкхан бахархой хилар.
Карарчу хенахь Оьрсийчохь хIоранна а ваха оьшучу уггар лахарчу рицкъан барам бу 10 эзар 753 сом.