ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Доза доцу репортераш": 2020-чу шарахь дуьненахь 50 журналист вийна


ОвхIанистанехь вийначу журналистан тезет
ОвхIанистанехь вийначу журналистан тезет

Шаьш бен болх бахьана долуш карарчу шарахь 50 журналист вийна. Царех дукхахберш (68 процент) байъина тIеман конфликташ йоцучу мехкашкахь. Дуьненаюкъарчу бакъоларъяран "Доза доцу репортераш" ("Репортеры без границ)" организацино зорбане даьккхинчу рапортехь бина и хаам.

ТIемаш лаьттачу меттигашкахь байъинера 2016-чу шарахь хаамийн гIирсийн 58 процент белхахой. Организацин документа тIехь дийцарехь, бойъучу журналистийн кхоалгIа дакъа нисло Шемахь а, Йеменехь а, ОвхIанистанехь а, Иракъехь а.

Хаа а хууш, Iалашонца вийна 2020-чу ушарахь 84 процент журналисташ. Стохка 63% бара уьш.

Иштта билгалдоккху, цхьаболу репортераш къиза байъина хилар. Къаьсттина дукха журналисташ хIаллакбина Мексикехь (бархI стаг), ХIиндойчохь (виъ), Филиппинашкахь (кхоъ), Гондурасехь (кхо стаг).

Шайн болх бахьана долуш хаамийн гIирсийн мел лахара а 387 белхахо набахтешкахь хенаш токхуш ву аьлла, информаци Iораяьккхира ГIуран-беттан 13-чохь "Доза доцу репортераш" цIе йолчу бакъоларъяран организацино. Оцу терахьан эханнал а сов журналисташ пхеа пачхьалкхийн набахтешкахь бу бохура цара: Китайхь, СаIуда Iарбийчохь, Мисарахь, Иракъехь, Йеменехь.

50 сов журналист тIепаза вайна, йа йийсарехь ву Шемахь а, Иракъехь а, Йеменехь а.

Стохкалерачу зерашца дуьстича, кхин а 35 проценте лакхадаьлла 31 шарера 42 шаре кхаччалц болу, набахте хьийсийначу зударийн-журналистийн терахь.

1995-чу шарера схьа дуьйна, хIора шарахь "Доза доцучу репортераша" Iорайоккхуш ю, журналисташна тIехь ницкъбарх хоуьйтуш, шаьш кечъен рапорт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG