Яхначу буса-дийнахь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 30 пациент, вирус къаьстина кхин а 1 286 стагца. Инфекци ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь 13 стаг велла COVID-19вирусах, Ставрополан махкахь ворхI кхелхина, Дагестанехь ялх, Адыгейхь кхоъ, ГIалгIайчохь цхьа дархо велла ковидах.
Къаьсттина дукха буу н даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан махкахь – 242 стаг.
- Ставрополан мохк + 242 (34 587 ву эпидеми яьржичхьана)
- Краснодаран кIошт + 190 (27 343)
- Дагестан + 158 (23 147)
- Нохчийчохь + 136 (8 428)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 103 (15 621)
- ГIалмакхойчоь + 99 (14 592)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 92 (14 948)
- ГIалгIайчоь + 90 (11 959)
- Адыгей + 89 (10 856)
- Къилбаседа ХIирийчоь + 87 (11 837)
Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 ун даьлла ву 173 318 дархо. Оперативан штабан статистикаца, йоллу Оьрсийчохь ву коронавирусца 3 105 037 стаг.