ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Суьйренан илли


Суьйренан илли

И шен илли аьлла ели стигла.
Сох хьаьрччинчохь йисси цуьнан цIе.
Цо хIинца а суна Iадда дитна
Шена оццул дезаш хилла де.

Со, кхаъ хилла, дIасахьаьжи гонах.
Нах а бу шайн денойх гIулчаш еш,
ТIекIалдетташ шайн диканаш, вонаш,
Хилларш, лелларш, дезарш дагардеш.

Шена елош, шена екош гуьйре,
ХIинццалц санна бина хьанал болх,
Беснеш цIийлуш еъна хаза суьйре
Чуерзош бу сан дай баьхна мохк.

Хьаам хилла, и сурт дагчу дижна,
Цхьа наб кхетта, дIа со вуьжур ву!
Беран хенахь цхьамма аьлла илли
ХIетахь санна олуш хезар ду.
2015 ш.

XS
SM
MD
LG