ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Дика дош


Дика дош

Со вогуш ву шуна
ЦIе летта вогуш
Цхьаьнгга а цуьнгара
Ваккхалур воцуш
Ас айса бина бу
Сайна и бала
Цундела цхьаъа а
Орцах ма вала.

Со иштта шелвелла
Хилларш дицдина.
Дог а сан гIорийна
Буту ша бина.
Ас айса бина бу
Сайна и бала.
Цундела цхьаъа а
Орцах ма вала.

И буту ша башон,
ЦIе яйан морса
Со хьегна дика дош
ДогIуш ду орцах.
Хиндолчун серло ю,
Са карзахдохуш,
Цу дашо йохьучу
ГIалийчохь йогуш.
2018 ш.

XS
SM
MD
LG