ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Со


Со

Со цIеран чIурам бу богуш,
Мел багарх баьгна ца болуш,
ХIиллане, ямарт бу бода.
ЦIе йогун чIу бу со Iодан.

ГIора ду. Са ду сан деттан.
Сара бу со бIаьрга кхетта .
Со цхьаннан ца хилла ирс ду.
Со цхьаннан ца кхиъна кIант ву.

Некъ бу со некъах дIакхетта.
Чиркх бу со малхана летта,
Дагчу а тарлучу Лаьттахь
Нийсоно шен каралаьцна.

Хьарам сий, хьарам и рицкъа,
Ондаллин Iовдала ницкъ а
Серлонна некъ болчохь готта
Нийсонах къутIа дой гIовтту.

Амма са,
Са ду сан деттан.
Со цIий ду тIулга тIехь детта.
Со лар ю къийсинчу стеган,
Со ботт ю кхихкинчу деган.

Къематан буьйсанехь хьийзан
Хьаьрк ю со Къематан- дийнан.
Со дош ду дагах схьадаьлла
Сан дас кху дуьнене аьлла!
04.07.1998 ш.

XS
SM
MD
LG