ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Ирча илли


Ирча илли

Дикчу нехан
Вонан дакъа кхочуш,
Вочу нехан
Доккха луур долуш,
Шерийн оццул
Сенчу цIергахь вагар
Эрна дайа
ГIерта теша дахар?

Мохк бегаро
Мокхазан тарх санна,
Бердах кхуссий,
Йоккхуш йинчу ломах,
ГIерта тахна
Со сайн некъах ваккхан
ВорхI тIам болу
Кху дуьненан волла!

ТIемаш тIера
Хьоьрсуш дашон суйнаш.
Хаза дуьйцуш,
Дууш къера дуйнаш,
Ваьхьи, къайллах,
Цо, лога тIе кхетта,
Цхьа гIулч юьххе
Iожаллин со метта .

Со къар ца лун
ЖоьжагIатан бIогIам
Бакъдуьнене баханчех
ДIатохан,
Шен и ворххIе
ТIам дIаса а тесна,
И сан дагна
ТIекхевддинчохь сецна.

Сих ма лолахь
Эли аса цуьнга,
Буха буьссуш
Деган лазам бу сан:
Кхана Iуьйрре,
Шен мохь аьлла, гIаттан
Шина декъе
Декъалуш ду Латта.

Цуьнан арахь:
Турпалхойн го баьрзнаш;
ХIолламаш го
Осалаллех кхаьрдаш;
Сатийсамийн жовхIарш
БIаьрхех ийна,
Дийна мел дерг
Iа, тап-п, аьлла тийна.

Кху дуьненан
Ялсаманен бIегIий
Кху дуьненан
Воллин букъ тIехь лаьтта.
Тахна жимма
Сан са паргIатдаьлла ,
ХIара ирча
Иллий царна аьлла!
1998 ш.

XS
SM
MD
LG