ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Ма даккхий хили вай


please wait

No media source currently available

0:00 0:00:54 0:00
Линкана тIе

* * * * *
Ма даккхий хили вай,
Ма даккхий хили?!
Даккхий ца хиларна
Кхоьруш вай иди.
Дуьненна къар ца луш,
Бахьанаш лоьхуш,
Дегнашна тIехь дити
Лайначийн моьнаш.

Вайна а яхъели
Буьйсанаш Iаьржа.
ТIейогIун Iуьйре а
ХIинца вайх кхаьрда.
Йицйи вай хийла юьхь,
Сибат и амат.
Вай юха схьайилли
Дахаран абат.

Амма цо дуьйцур дац
Шен хаза туьйра,
Бацалахь идор дац
Кхин когашIуьйра.
Цунна тIехь дуьненца
Нисдалан Iемаш,
Вай юха дийра дац
Вай дина некъаш.

Ма даккхий хили вай,
Ма даккхий хили?!
Даккхий ца хиларна
Кхоьруш вай иди.
Йицйи вай хийла юьхь,
Сибат и амат.
Вай юха схьайилли
Дахаран абат.

2018 ш.

Хьажа комменташка

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG