ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. ГIалат


ГIалат

Кху дахаро, мехах тарлой,
Текхадо вайн денойн тай.
Шен шеддаш до новкъахь хено,
Мел дIадахна хьоьжуш вай.

Некъан чаккхе хилар дицдой
Стеган даго хIун ца до?!
Цкъа лела и тIемаш кеглой,
Цкъа дийнна лам лестабо.

И киртигаш хуьлу хала.
Воккху цара атта гал.
Хуьлу ирча, хуьлу хаза
Цара юьтуш йолу лар.

Ваьхна олу, нагахь ваьхнехь.
Хено декхар диц ца до:
ДIайоьдучо гIалат даьхьнехь
ЙогIун йолчо лазаво.

Цуьнан лазам дагчу бижна ,
Ас хIинццехьа къурдаш до:
«ХIунда, хIунда тIе ца кхаьчна
Цу гIалатна, - бохуш, - со?»
1979 ш.

XS
SM
MD
LG