ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къоман турпалхойн цIераш техкина Соьлж-ГIалин кIошташна


Ленинан а, Октябран а, Заводской а, Старопромыслан а кIоштий цIераш хийцина нохчийн къоман турпалхойн цIерашца. Мехкан президент лаьттинчу Кадыров Ахьмадан а, Бенойн Байсангуран а, Кавказаy дуьххьарчу имаман Шейх Мансуран а, Советан заманан Турпалхочун Висаитов Мовдидан а цIераш лелор ю билгалъяьхначу меттигаша. "ВКонтактерчу" шен пена тIехь бина цунах хаам Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Шахьаран бахархошка хеттарш деш, боккха болх дIабаьхьира цIераш хийцале хьалха комиссино. Iаламат жигаралла гайтира бахархоша оцу хаттамехь. 69,8 процент наха кхаьжнаш тесна. РогIерчу гIалин думан кхеташонехь сацам тIеэцна Соьлж-ГIалин кIоштийн цIераш хуьйцуш", - яздо Кадыровс.

Иштта, бахархой реза хилла гIалара Бароновка а, Башировка а вовшахтоьхна, цунна Шейхан Кишиев Кунта-Хьаьжин цIе тиллийта.

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан реза ца хиллера Куьрчалахь керла йинчу берийн майданахь дехкийнчу васташна. Цунна хетарехь, бераш ловзучу меттехь бахка хьашт дац америкахойн Marvel-комиксашкара турпалш.

"ДIаяха еза хIара коьртехь кхоьллина персонажаш, хIара фантази. Вайн бакъболчу турпалхойн суьрташ дIадетта", - омра дира Кадыровс.

Мехкан куьйгалхо реза ца хилларш бу Капитан Америка, Аьчка стаг, Стаг-Гезг, кхиболу а комикс-турпалхой – иза го социалан машанашкахь яьржинчу видео чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG