ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Левада-центр": 1991-чу шарера схьа лерича, къаьсттина чолхе дара бахархошна 2020 шо


2020-гIа шо къаьсттина чолхе дара Оьрсийчоьнан бахархошна 1991-чу шарера схьа лерича. "Левада-центро" бинчу талламан жамIаша гойту иштта терахьаш. Оьрсийн "Свобода" Радионо яздо цунах лаьцна. Цуьнца а догIуш, 1991-чу шарера схьа дуьйна дуьххьара 88 процент бахархоша дIахьедина, доьду шо пачхьалкхна къаьсттина хала дара, цул хьалха хиллачул а аьлла.

Хаттамехь дакъалаьцначу 65 процент респонденташа аьлла, шайна а, шайн доьзалашна а 1998-чу шарера схьа дуьйна Iаламат чолхе дара доьду шо. Хеттаршкахь дакъалаьцначу ах бахархоша 2020 шо хала я Iаламат хала дара аьлла, дIахьедина. Беркате шо дара аьлла 10 проценто. Аьтто боцуш шо дара боху 47% респонденташа, бIегIийла шо дара боху 44 проценто.

Хьал телхина го Оьрсийчоьнан бахархошна Iер-дахарца а, дешаран хьукматашкарчу белхашкахь а, дарбан хIусамашкахь а, ахча даккха болчу аьттонца а, гонахарчу хьолаца а, НАТО-н пачхьалкхашца йолчу юкъаметтигашца а.

Цхьана а кепара хийцамаш ца гина дуккхаъчу пачхьалкхан бахархошна ницкъаллийн структурашкахь а, хаамийн гIирсашкахь а, къаьмнийн юкъаметтигашкахь а, кхерамзаллехь а, маьрша шена хетарг аларехь а.

Хаттам дIабаьхьнера "Левада-центро" карарчу беттан 18-20-чу а деношкахь. Дакъалаьцна цу юкъахь 18 шарера бевллачу 1 609 стага.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG