ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусан тестах чекхваьлларг бен чувуьтур вац Туркойчоьно


Кеманца шайн пачхьалкхе богIучу нахе тахана, ГIуран-беттан 30-чохь дуьйна коронавирус яц аьлла, тоьшаллин кехат хоттур ду Туркойчоьно. "Пачхьалкхехь лелачу низамашца а догIуш, Туркойчу богIу пассажираш, я Туркойчухула бевлла кхечу мехкашка боьлхучу нехан карахь кехат хила деза ПЦР-тестах чекхбевлла. Хила еза иза кемана ховшале тIаьххьарчу 72 сахьтехь йина. ГIуран-беттан 30-чохь делкъанна 12 сахьт даьллачул тIаьхьа дуьйна низам болх беш хир ду. 6 шаре довлазчу берашна тест ян оьшуш дац", - аьлла, хаамбина Turkish Airlines авиакомпанин пресс-гIуллакххоша.

Цара билгалдаккхарца, тестах ваьлла документ доцу пассажир кемана хоуьйтур волуш вац. Информаци тIечIагIйина иштта туроператорша а.

Британехь а, цхьа могIа кхечу пачхьалкхашкахь а гучуяьлла керла, сиха яьржаш йолу коронавирусан штамм бахьана долуш низамаш чIагIдина Туркойчоьнан Iедалша. 2021-чу шеран Зазадокху-бутт карабаллалц лелар болуш ду Туркойчоьно юкъабаьхна барамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG