ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан бахархойх "арахьара агент" ала бакъо елла Путина


Шо чекхдала ши де дисинчу заманчохь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIечIагIйина, парламенто хьалхо тIеэцна хилла, я керла юкъаяьхна низамийн проекташ. Куьйгъяздинчу документашлахь ду Оьрсийчоьнан бахархой "арахьара агенташ" лара таро луш долу низам а цхьана. Бакъонан информацин официалан интернет-порталехь зорбане даьккхина документ хIинцале а.

Низамца а догIуш, "арахьара агент" ву ала бакъо ю, политика лелош я Оьрсийчохь "цхьана Iалашонца тIеман а, тIеман-техникан а сферехь хаамаш гулбеш", алапа арахьарчу пачхьалкхаша латттош волчух. Билгалъяьхначу критерешца шаьш бен болх богIуш белахь, наха шаьш дIахаийта деза цунах, шаьш "арахьарчу агентийн" тептаре даха аьлла.

Низам кхочуш ца динчунна цкъа хьалха административан жоьпалла тIедожор ду, тIахьа бехкзуламан гIуллакх долор ду. Иштта, "арахьара агенташ" бу аьлла, тIеэца тарло пачхьалкхо регистраци ца йина организацеш а, тобанаш а.

Иштта, Путина куьйгъяздина, кхечу пачхьалкхийн социалан машанаш дIакъовла бакъо луш, документехь ма -аллара, Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашца цензура латториш. Арахьарчу гIуллакхийн министраллаца дагаваьллачу инарла прокуроран бакъо хир ю, "Оьрсийчоьнан зорбанашца дискриминаци лелориг" аьлла, информацин ресурсан долахочунна статус яла.

Низаман проект хьакхалур ю ур-атталла, ютьюбехь а, твиттерхь а, фейсбукехь а.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG