ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебарта-Балкхаройчуьра ши стаг бехкевина Шемарчу тIаме вахарна


Терроризмна бехкевинчу меттигерчу шина вахархочунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна ГIебарта-Балкхаройчохь. Ницкъахойн версица, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанца тIемаш бан Шема дIа а вахана, цигара кхин юха ца веана и шиъ.

Талламчаша дийцарехь, 42, 35 шераш долу и ши стаг Iарбойн махка вахана цхьаъ 2013-чу шарахь, шолгIаниг 2017-чохь. Шайн лаамехь даIишах дIакхетта хилла ший а, Шеман пачхьалкхан эскаршна дуьхьал тIемаш бархьама, хаамбина ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Талламан комитетан пресс-центро.

Маршо Радионо яздира, Дагестанерчу Хаси-Юьртарчу СИЗО-хь латтош хиларх Нохчийчуьра 63 шо долу Рамазанова ПатIимат. Талламчаша бехкбиллина цунна, гIаттамхойн тобанехь хиларна а, теракт дарна а. Кавказ.Реалиин корреспонденте Рамазанован гергарчара дийцарехь, Шеман Малхбузерчу Туркойчоьнан ницкъийн карарчу Джараблус гIалахь хилла ю иза.

"ЧIогIа цIа ян лууш яра иза, даймахкахь яла лаьа шена бохуш. Эххар а Туркойчоьно депортаци йира цунна Оьрсийчу. Москвара лаьцна Дагестанерчу СИЗО йигира иза. КIира а ду хIинца иза цигахь латтош йолу", - аьлла, дийцинера Рамазанован гергарчо, шен цIе ца яккхар а доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG