Хазахетар
Хаз-хазчу эшарийн
Мукъамашца яьржина,
Аренех зезагийн
Нур хилла хьаьрчина
Еанчу бIаьстено
Соьга ла ца дуьйгIи:
Илланча ви цо сох ,
Шех доккха илли ди.
Елха шу, гIайгIанаш,
ДIаяло, цхьаналла,
Мерза сатийсамаш
Сан юха кхачарна.
1974 ш.