ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Дуьне - дуьне долчу хенахь...


* * * *

Дуьне - дуьне долчу хенахь,
Зама - зама йолчу хенахь
Диканах дика олура,
Вон а вон лорура.

Дуьне - дуьне долчу хенахь,
Воцург стаг а вацара.
Дуьне – дуьне долчу хенахь,
Дацчехь эхь а дацара.

ХIинца дерниг гича гIенах,
Дуьне – дуьне долчу хенахь ,
Вай нахала девлла, ала
РагI кхочур яцара.
1998 ш.

XS
SM
MD
LG