* * *
Дахаро дика схьалуш
Диканийн гунашна тIера,
Вай дийриг лелориг гуш,
Заманан гIиллакхаш лела.
Къонахчо вахаран мур
Дуьненчохь боккхучу хенахь
Лаьттийла вонан и тур
Цунна тIе ца кхаччал генахь.
Хиндолче ла ца ло вай
Дуьненан темашна децаш.
ХIай кIентий, вай-м дийна дай!
Дахарах дузий вай кедаш?!
Шух долий дог ца Iало .
Шу ду сан диканийн гунаш.
Схьадуьлий, велаве со,
Яшае дагтIера гIура!
1980 ш.