ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Дахаре


Дахаре

Тхов боцчу цIа чохь суо кхиарна,
ЦIе ялан Iеминчех хиларна
Кхоьрур –кха, дахар, со хьох.
Ма чIогIа хьаьрчи хьо сох
Кема доцчу хIорда чу со тесна,
Лами боцчу стиглахь дIахецна,
БIаьстенан хи санна макхделла ,
Шаьлтан дитт санна гатделла?

Ма чIогIа хьаьрчи, хьо, сох
Дог шелден луьра лаьхьа хилла,
Са акха жима нускал хилла
Диканашна хьалхара дIатоьттуш,
Вонашна со оццул кIел тоьттуш?!
Со-м ларлуш лелара хьох
Аланза дисна дош хьо лоруш,
Доггах и карийна ца волуш.
1992 ш.

XS
SM
MD
LG