ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Сайн деношка


Сайн деношка

Хаза-м дай шу, хIай сан денош,
Марзо, къахьо дагчу Iенош.
Ойла цIинъеш, серлайохуш,
Юьккъех гIалаташ а дохуш.

Хаза-м дай шу, хIай сан денош,
Дуьне, дахар дагна делош,
Сатийсамийн тулгIеш керчош,
Халла нислун синтем къехкош.

Сатуьйсуш ю йоккха аре - м
ХIутасаре, гота яре.
Шун дезарш ду-кх массо тайпа
Жим мел ели сан хан яйа.
1979 ш.

XS
SM
MD
LG