***
Со жима дуьне ду дуьненчохь,
ГIайре ю дахаран хIорда чохь.
Сан денош - олхазарш дIакхоьхьуш,
Дог лазош, тулгIеш ю къахьоьгуш.
Лам боьлхуш, Iовраша йохуш бух,
Иштта йов дIа мокха шога гIум.
Кху лаьттахь хьенан дог маьрша ду ?
Доццушехь, маьрша ду-м, бохур ду.
Хьо кога хIоьттинчу меттера
И маршо дIаяхьан бух болу
Дуьненний, дахарний юьккъера
Адаман бIаьрг тилон и бода.
Адаман бIаьрг тилон хьо бода,
Ма чIогIа тилвелла со вогIу
Дагахь дерг ма - дарра дIааьлла,
Лийринчу адмашна совваьлла.
Сайн денош - олхазарш дIадоькъуш,
Цу нахах ведда дIа со воьду,
Сайн йолчу амалийн да хилла,
Сайн дагна айса - сайх мохь бина.
Хьан боху говрахь верг маьрша ву?
ГIаш верниг маьрша ву хьан эли?
Цаьршиннан цхьаъ дац ши илли ду.
ХIоранца шенначул лазам бу.
Ган а гуш, и лазам дIабаьлча,
Цхьаъ велхош, стаг дуьне дIахаьрца.
1992 ш.