ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Массарна а евза Европан кхел". Цига яздечу аьрзнийн рекордсмен ю Оьрсийчоь


"Iазапна дуьхьалоечу комитето" Нохчийчуьрчу Абдулмежидов Iабдул-Хьалиман цIарх арз дахьийтина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле. Цунна тIехь гIело латтийна полицино, амма талламчаша шайга пхьоьазза дехча а ца айдина бехктакхаман гIуллакх.

Ша болх бечу Шеларчу психоневрологин интернатера лаьцна, дIавигина полицино Абдулмежидов, цо дийцарехь, 2017-чу шеран Дечкен-беттан 13-чохь.

Цунна, полице дIавигича, мссийтта сахьтехь йиттина, тIехьажийначу видеокамери чу Шемарчу эмирна байIат де бохуш. Хиттина цунна бевзачу нахах лаьцна. ТIаккха Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахмадан цIарх йолчу полке вигина, цигахь етташ, дареш даьхна тIемалойн тобанах хиларх тоьшаллаш дохуш. Абдулмежидовс бахарехь, диъ кIиранах гергга кхаьбна иза нах чохь латточу цIенна бухахь, полкехь.

"Шина баттахь, кхечарна а санна, етташ кхебира со, ток йиттира. Лецна латточу 16-18 шо долчу кегийнахе а еттийтира чохьбохкучарна ток. Юуург кхоалгIачу дийнахь бен ца елира суна – баьпкан ши цастар. Ерриг а хенахь луш дерг дара изза ши цастар а. хи а, я цуьнан метта чайнах тера цхьа кочалла", – дийцина "Iазапна дуьхьалоечу комитете" Абдулмежидовс.

Шина баттахь, кхечарна а санна, етташ кхебира со, ток йиттира

Иза лаьцна хиларх документаш Зазадоккху-беттан 25-чохь бен ца хIиттийна. Оцу юкъанна цуьнга, цо дийцарехь, кехаташ хIиттадайтина ша шен машен цхьана полисхочунна юхку, аьлла, цул тIаьхьа тоьшаллин кехат а даьккхина, ахча ша схьаэцна, аьлла. Адвоката медицинан экспертизе кхачийна Абдулмежидов – кехаташа тоьшалла до цуьнан коган кIожица "ток йиттича бен хуьлуш доцу" моьнаш ду, аьлла.

2018-чу шарахь Абдулмежидов тIемало хилар тIечIагIдеш кхело бинчу сацамца 8 шо 4 бутт хан а тоьхна, набахте хьажийна иза. Ткъа цунна гIелояр талла а ца теллина.

"Деккъа дIа ирс доцуш хилла"

Пхьоьазза дехча а ца айдина еттарх лаьцна бехктакхаман гIуллакх

Къилбаседа Кавказерчу "Iазапна дуьхьалоечу комитетан" филиалан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс дийцира Кавказ.Реалии сайте Шелахь 20I7-чу шеран Дечкен-баттахь хиллачу лецарийн хьокъехь. БIеннашкахь лийцира нах хIетахь, боху цо. Абдулмежидов "ирс доцуш хилла", иза а нисвелла царалахь.

Массо а набахтехь, изоляторехь ду цига арз муха яздо гойту кехаташ-масалш

Пискуновс билгалдоккху Оьрсийчоь изоляторшкахь, набахтешкахь шаьш хьийзорах лаьцна наха Европан кхеле кхоьхьуйтучу аьрзнийн дуккхаллица дуьненан лидер хилар.

Хьелаш – "ша Европехь санна"

Москварчу Юкъараллин Тергамбаран комиссин декъашхочо Мельников Алексейс бахарехь, Европан кхеле Оьрсийчуьра дукха аьрзнаш кхачар дозу пачхьалкхехь адвокатийн система дика болх беш хиларца.

ХIора баттахь цхьацца регионерчу набахтийн хьаькам ву чувуллуш

"Ас тергалдина, ала ду вайн лахарчу тIегIанера адвокатура дика хиларх лаьцна. Пачхьалкхан уггаре генарчу маьIIехь а хаьа Европан кхел хIун ю. Массо а набахтехь, изоляторехь ду цига арз муха яздо гойту кехаташ-масалш. Латтадл таIзарш Оьрсийчоьнан цхьацца меттигашкахь, амма иза тергамехь ду. ХIора баттахь цхьацца регионерчу набахтийн хьаькам ву чувуллуш", – дийцира Мельниковс.

Цунна гарехь, Оьрсийчуьрчу талламан изоляторшкара хьал Европерчу хьелашка кхоччуш ду. Амма ледаро ду лецначарна дарба кхачорца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG