ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн тукхамаша тIедожийна ТимурзиевгIеран гергарнаш дIахецар. Даудовца цхьаьнакхета реза ца хилла уьш


Дахначу оршотан дийнахь Соьлж-ГIалахь полисхоша вийна ТимурзиевгIеран ши ваша Хьасан а, Хьусейн а террорхойн Iалашонца хиларх тоьшаллаш кхаьчна шайга аьлла, хаамбина ГIалгIайчуьрчу церан цIийнеах болчу наха. ТимурзиевгIеран а, СултыговгIеран а вежараллин тайпанаш реза ца хилла Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада Соьлж-ГIала дуьйла аьлча,бахка, амма цара тIедожийна вийначу шинна да-нана а, йиша а дIахеца аьлла.

Юкъаралхочо Султыгов Сараждина дуьйцу керлачу видео тIехь, ТимурзиевгIар бехкехиларх видео гайтина царна ГIалгIайчуьрчу экстремизмна дуьхьало латточу Центран куьйгалхочо. Цу тIехь гуш ду, ши ваша карахь арсаш а долуш, Соьлж-ГIаларчу ППС-н белхахошна тIелеташ.

"Даудовс кхайкхинера тхо Нохчийчу оцу видеога хьовса, тхуна гина иза, цундела цига даха хьашт дац, - аьлла шен видеохь Султыговс. – Ролик тIехь дерг бакъ ду я дац, иза кхин хаттар ду, цу тIехь терго латтор яц оха. Амма оха тIедожадо – бакъо йоцуш Нохчийчохь лецна латтош болу ТимурзиевгIеран да-нана а, йиша а дIахецар. Оцу позици тIехь соьцу тхо".

Иштта церан цIийнах болчу наха кадам бина Нохчийчохь вийначу ППС-н белхахочух Джабраилов Мохьмадах.

Беттан 28-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбира, Соьлж-ГIаларчу ППС-н полисхошна тIелатар дина арсашца шиммо, цхьа полисхо вийна, шолгIачунна чевнаш йина аьлла. ТIелеттачарех цхьаъ а вийнера полисхоша, лазийна шолгIаниг чевнашца дарбан цIийне кхачийра. ТIаьхьо дарбан хIусамехь велира иза а.

Кадыровн версица, полисхошкара герз даккха гIоьртинера уьш. 2012-чу шарахь дуьйна Соьлж-ГIалахь шайн деца-ненаца вехаш хилла ши ваша: Тимурзиев Хьасан а, Хьусейн а хиллера и шиъ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG