ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь вийначух чIир кхайкхае аьлла Кадыровс


Дахначу оршотан дийнахь Соьлж-ГIалахь полисхоша вийначу ГIалгIайчуьра схьаваьллачу ТимурзиевгIеран шина вешин гергарчарна чIир кхайкхаяр тIедиллина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана парламентан спикерна Даудов Мохьмадна.

"ТIекхайкха уьш, уьш бехкехиларх тоьшаллаш дIагайта, цул тIаьхьа чIир кхайкхае царна вайн вийначу накъостах", - аьлла, дIахьедина пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфирехь Кадыровс.

Хиллачу инцидентехь вийра 22 шо долу лахара сержант Джабраилов Мохьмад. Лазийра цуьнан белхан накъост.

ГIалгIайчуьрчу ТимурзиевгIеран а, СултыговгIеран а тайпанийн векалш тIекхайкхира Даудовс цаьрца къамел дан дагахь. Тахана 11 сахьт даьлча яра йийцина хан, хаамбира шен инстаграмерчу пена тIехь спикеро.

Хьалхо шина а тайпано видеокхайкхамбира Нохчийчоьнан Iедалхошка, шайн ши кIант террорхой хиларх тоьшаллаш даладе шайна аьлла. Цара Кадыровна тIедожийра, шаьш лецна бигина ТимурзиевгIеран гергара нах маьрша бита, ткъа байъинчийн декъий схьало аьлла.

"Шайн кхайкхамехь аш дуьйцу вайнехан Iадаташ, цундела, кхеташ хир ду-кх шу, тоьшаллаш дIакхаьчначул тIаьхьа, кху гIуллакхан тIаьхье муха хир ю. И бохург ду – карахь герз а доцуш, бехк-гунах доцуш вийначу тхайн накъостах чIир кхайкхор хилар", - аьлла Даудовс.

Беттан 28-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбира, Соьлж-ГIаларчу ППС-н полисхошна тIелатар дина уьрсаца шиммо, цхьа полисхо вийна, шолгIачунна чевнаш йина аьлла. ТIелеттачарех цхьаъ а вийнера полисхоша, лазийна шолгIаниг чевнашца дарбан цIийне кхачийра. ТIаьхьо дарбан хIусамехь велира иза а.

Кадыровн версица, полисхошкара герз даккха гIоьртинера уьш. 2012-чу шарахь дуьйна Соьлж-ГIалахь шайн деца-ненаца вехаш хилла ши ваша: Тимурзиев Хьасан а, Хьусейн а хиллера и шиъ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG