ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзанан а, цуьнан гергарчийн а цIераш лелайо Нохчийчуьрчу 346 урамо


Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, цуьнан гергарчийн а цIарах махкахь 346 урам бу аьлла, шайн ларарш довзийтина оьрсийн BBC сервисо. Ресурсан зерашца, БIачи-юьртахь КадыровгIеран цIарах исс урам бу. Царех шинна цхьахволчу А.Р. Кадыров-н цIе тиллина. Ши кIант ву Кадыров Рамзанан оцу инициалашца – 15 шо долу Ахьмад а, 13 шо долу Адам а.

Оцу эвлахь бу ишта Кадыровн ненан а, ден а, йишин а, шина вешин кIентан а, иштта, республикан куьйгалхочун бIанакъостан, парламентан спикеран Даудов Мохьмадан цIарах урамаш а.

Нохчийчоьнан Къилберчу Нажин-Юьртан кIоштахь, мехкан куьйгалхочун тайп цигара схьадаьлла ду, 53 яртех 48 эвлахь ду "Кадыровн урамаш". Ткъа Къилбаседа-Малхбалерчу Шелковскан кIоштарчу 25 эвлашкахь КадыровгIеран цIарах биъ урам бен бац.

Къаьсттина дукхачу урамашна техкина Нохчийчоьнан хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан цIе. ШолгIачу меттигехь гоьваьлла Кадыров Рамзан, цунна тIаьхьа цуьнан нана а, деда а ду.

Дахначу кIиранах дийца даьккхира, бюджетан чоьтах БIачи-Юьртахь шозза тIекIелйинчу спортан комплексна Кадыров Рамзанан 15 шо долчу кIентан цIе тиллина аьлла. Куьршала кIоштана чуйогIуш ю и эвла, цигахь ю КадыровгIар схьабевлла юрт а. Ши шо хьалха хийцира Хоси-Юьртан цIе Ахьмад-Юрт аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG