ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 36 дархо, ун къаьстина кхин а 1 248 стагаца. Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах 15 пациент, Ставрополан махкахь а, Дагестанехь а велла ворх-ворхI, Адыгейхь кхоъ велла, ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а шишша дархо кхелхина уьнах.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми юкъаяьлчхьана велла ковидах 5 862 вахархо.
Къаьсттина дукха бу ун даьларш тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Ставрополан махкахь – 244 стаг.
- Ставрополан мохк + 244 (35 077 ву эпидеми яьржичхьана)
- Краснодаран кIошт + 194 (27 729)
- Дагестан + 158 (23 461)
- Нохчийчоь + 117 (8 668)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 102 (15 825)
- ГIалмакхойчоь + 94 (14 782)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 88 (15 126)
- Къилбаседа -ХIирийчоь + 86 (12 010)
- ГIалгIайчоь + 85 (12 136)
- Адыгей + 80 (11 025)
Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь 175 839 стаг ву COVID-19 вирусца. Йоллу Оьрсийчохь ву, оперативан штабан зерашца, 3 159 297 стаг.