ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь вийначу шина вешин гергарчарна жоп делла Кадыровс


ГIалгIайчуьрчу СултыговгIеран а, ТимурзиевгIеран а тукхумийн векалша динчу къамелашца терроризм бакъеш дешнаш дуй хьовсар тIедожийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Новости агентало бина цунах хаам.

Де хьалха видео дIаязйинера цара Нохчийчоьнан Iедалхошка кхайкхам беш, дахначу оршотан дийнахь Соьлжа-ГIалахь полисхоша вийначу ТимурзиевгIеран ши ваша террорхойн Iалашонашца хиларан тоьшаллаш гайта шайна аьлла. Иштта цара тIедиллира, Нохчийчохь лецна ТимурзиевгIеран гергара нах маьршабахар а, байъинчийн декъий схьадалар а.

Юьйцучу инцидентехь вийра полицин лахара сержант Джабраилов Мохьмад, цуьнан коллега лазийна висира. Официалан версица, карахь арсаш а долуш, тIелетта хиллера уьш полисхошна.

"Соьлж-ГIалина юккъехь ямартлонца тхан накъост вийна, цхьанна чевнаш йина. Делан мостагIаша йина и ямартло, церан гергарчарна моьтту жоьпазаллин дIахьедарш дан мегар ду…Вийначу кIантах кадам а ца бина цара, вайна массарна а боккха эшам бу иза. ХIетте а цхьаъ ала а гIерта уьш…Оцу кепара къамелаш дечу нахана хаа деза, терроризм бакъяр иза дуйла а, низамо ма-бохху жоп дала дезар дуйла а", - аьлла, дIахьедина Кадыровс.

Бетах йоьхкина масканаш яцара аьлла, иккхинчу девна тIехула и шиъ вийна бохуш, лела хаамаш - бакъ бац аьлла мехкан урхалхочо.

Беттан 28-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбира, Соьлж-ГIаларчу ППС-н полисхошна тIелатар дина арсашца шиммо, цхьа полисхо вийна, шолгIачунна чевнаш йина аьлла. ТIелеттачарех цхьаъ а вийнера полисхоша, лазийна шолгIаниг чевнашца дарбан цIийне кхачийра. ТIаьхьо дарбан хIусамехь велира иза а.

Кадыровн версица, полисхошкара герз даккха гIоьртинера уьш. 2012-чу шарахь дуьйна Соьлж-ГIалахь шайн деца-ненаца вехаш хилла ши ваша: Тимурзиев Хьасан а, Хьусейн а хиллера и шиъ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG