Шун марзо йоцуш
ХIора шаро совгIатна вайна
КIайн Iа, бIаьсте, аьхке, гуьйре ло.
Лехьайойту денойн хьаьркаш вайга,
Хенан жайни тIе уьш дIагулйо.
Даьржаш хуьлу дIадаханчун йоза.
Со и нийса деша ца луш Iа.
Хиндолчара шайгахьа со воху,
Хиллачара воьху шайца дIа.
ХIора гIулч а хета суна толам ,
Дахар - аре хиларна вай зуьйш,
Халахетар динчу денойн бохам,
Хазахетар алсамдоккхий, хьуьйш.
Синна кхача жимлуш бу цу арахь.
Муха нисдер и ас дагца сайн?
Кху дуьнено шен дохнах би бала.
Вовшашна а хийра дехи вай.
Со ца меги и шун марзо йоцуш.
Шух а хаьдда, чу вирзича со
Хиндолчара шайгахьа ца воху,
Хиллачара дIа ца ийзаво.
2013 ш.