ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь вийначу полисхочун наха чIир хьейина ГIалгIайчуьрчу ТимурзиевгIеран гергарчаьрга


Соьлж-ГIалахь динчу тIелатарехь вийначу полицин сержантан Джабраилов Мохьмадан гергарчара селхана, еарин дийнахь, БугIан-Юьртахь дIахьедина шайн вийначух шаьш чIир оьцур хиларх. Оцу кепара бистхилла уьш ГIалгIайчуьрчу СултыговгIеран а, ТимурзиевгIеран а цIийнах болчу нахе.

Байначу беттан 28-чохь Соьлж-ГIалахь шина стага тIелатар динера проспектехь ха латточу шина полисхочунна. Оцу инцидентехь вийра полицин лахара сержант, 22 шо долу Джабраилов Мохьмад. Цуьнца цхьана хиллачунна чевнаш йира. Иштта, вийра тIелетта шиъ а. Уьш хиллера ГIалгIайчуьра веана ТимурзиевгIеран ши ваша: Хьасан а, Хьусайн а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG