ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь ковидах велла 30 дархо. Ун даьлла 1 161 стагана


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 30 стаг, вирус къаьстина кхин а 1 161 стагаца. Оперативан штабан информацица, Краснодаран кIоштахь велла 16 дархо, Ставрополан махкахь кхелхина ворхI, Дагестанехь пхиъ, ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а шишша стаг велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми юкъаяьлчхьана велла 5 892 COVID-19 вирус йолу дархо. Къаьсттина дукха бу ун даьлларш тIаьххьарчу хьесапашца Ставрополан махкахь - 248 стаг.

Ставрополан мохк+ 248 (35 325 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIошт + 193 (27 922)
Дагестан + 161 (23 622)
Нохчийчоь+ 115 (8 783)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 101 (15 926)
ГIалмакхойчоь + 97 (14 879)
ГIалгIайчоь + 9I (12 227)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 89 (15 215)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 88 (12 098)
Адыгей + 78 (11 103)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус кхетта ву аьлла, чоьте эцна ву 177 000 стаг. Оперативан штабан статистикаца, Оьрсийчохь ву цомгаш 3 186 336 пациент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG