ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхошна динчу тIелатарх видео яржийна интернетехь


Нохчийчоьнан шахьарахь динчу тIелатарехь вийначу полисхочуьнгахь Джабраилов Мохьмадехь шеца герз а ца хиллера, корматалла шаръян елла хан чекхъяланза хиларна. ТIелеттачо 12 чов йина хилла цунна уьрсаца. Нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканалан директоро Ахмадов Чингиза бовзийтина и керла хаамаш. Инстаграме яьккхинчу шен видео тIехь Ахмадовс бехк боккху доцург дийциначаьргара, хиллачух йолчу официалан версех шеконаш хиллачу нахера. Роликан чакхенехь гойту тIелатар дина меттиг а.

Карладоккху, байначу беттан 28-чохь Соьлж-ГIалахь инцидент хилира цхьа полисхо Джабраилов Мохьмад вуьйш, шолгIаниг лазош. Оцу сохьта вийра тIелеттачух цхьаъ, важа дарбан хIусамехь кхелхира йинчу чевнех.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо хьем ца беш, дIахьедира, ГIалгIайчуьра схьаваьлла ши ваша Тимурзиев Хьасан а, Хьусейн а хиллера и шиъ аьлла. Некъаца ха латточу полисхошкара герз даккха гIоьртинера и шиъ, цо дийцарехь.

"Шайца дуккха а нах балош, шайна гечдар деха тхуна тIебахка безара уьш. Лазийна, дарбан хIусамехь волчу полисхочунна тIехIиттина, иза а къинтIера ваккха дезара цара. Массара а ладоьгIура цаьрга", - аьлла телеканалан директоро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG