ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Веллачу Джабиев Иналан гергарчара протестан акцехь "даздира" Керла шо


Шаьш шайх пачхьалкх кхайкхийначу Къилба ХIирийчохь Джабиев Иналан гергарчара хIоттийна ханйоцу протест юкъах ца яьккхира керлачу шеран буса а цхьана. Джабиевн кхалхар бакъонца листар тIедожийнера Цхинвалан йоккхачу майданахь гулбеллачу наха. Милцоша хеттарш динчул тIаьхьа кху аьхка велира Джабиев. Протестхой тешна бу, тIехь къизаллаш лелийна, иза вийна хир ву аьлла.

Талламчийн версица, "цIеххьана даге лазар иккхина" велла ву иза. Ткъа экспертизано гайтина йолу цуьнан дегIа тIера Iазапаш лелийна йисина лараш - валаран бахьанаш дацара аьлла цара.

Социалан машанашкахь суьрташ даржийра, керлачу шеран буса гонах чIурамаш а летийна, шен кIентан суьрта хьалха хиина Iачу цуьнан ненан Джабиева Майин, яздо "Кавказский узел" агенталло.

Цхьахдолчу сурта тIехь акцин кхаа декъашхочо карахь латточу плакаташна тIехь яздина ду: "Сацае харцо", "Низам. Бакъо. Джабиев Инал", "Суна ваха лаьара".

Байначу беттан 4-чу дийнахь дуьйна йолийна, буса а, дийнахь а дIахьош ю протестан акцеш.

Хьалхо Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь нанас Джабиевас дийцира, шен кIантана тIехь ницкъбарна шеконашкахь волу шиъ хIинца а маьрша ву, ткъа важа шиъ кеста аравоккхуш ву аьлла.

Милцошца девнаш латторна могушалла а эшна йогIу шен аьллера цо. Зудчо бахарехь, цкъацкъа Iаламат шога хуьлу цуьнца ницкъахой. Протестан акцешна шайн ма-хуьллу новкъарло ян хьийза Iедалхой. Масала, кхара цIераш летош лелош йолу газан баллон дIаяккхира ОМОН-ан белхахоша. ХIорш лайх а, мохех а хьуллун целлофанан тент а дохо хьийзира.

  • Чоьхьарчу гIуллакхийн министрна Наниев Игорна кIело йина хилла аьлла, шеконашца изоляторе (ИВС) валийна хилла Джабиев Инал кхелхира, цигахь тIехь къизаллаш а лелийна. Оццу дийнахь президенто Бибилов Анатолийс министр даржах ваьккхира, ткъа тIаьхьо йоллу министрийн кабинет а дIасаяьккхира.
  • Джабиев Инална ницкъбина, иза вийна аьлла хеташ, лаьцна, хеттарш дира чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан бархI белхахочуьнга. Iедалхоша чIагIо йира, цунна бехкеболучарна, муьлххачу даржашкахь белахь а, таIзар дийр ду шаьш аьлла.
  • Оршотан дийнахь, 5000 гергга стаг а гулвелла, дIавоьллира Цхинвалехь Джабиев Инал. ГIалин коьртачу майдана еара цуьнан дакъа чохь долу яьшка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG