ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу ТимурзиевгIеран тукхамо дина дIахьедар "сийсазалла хилла а ца Iа" аьлла Нухажиевс


Омбудсмен Нухажиев Нурди
Омбудсмен Нухажиев Нурди

Соьлж-ГIалахь тIелатар динчул тIаьхьа гIалгIайн тайпанийн векалша дина дIахьедар сийсазалла хилла а ца Iа аьлла Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис.

"ТIе а летта, стаг вийначул тIаьхьа тоьшаллаш дехар сийсазалла хилла а ца Iа", - иштта дIахьедина Нухажиевс. Стаг вер нийса хетар санна хIума ду иза аьлла, билгалдаьккхина цо.

Иштта омбудсмено дагадаийтина, нохчийн къомо беза мах охьабиллина хиларх, шайн лаьтта тIехь машар хилийтархьама, ткъа таханалера паргIато а, кхерамзалла а латтош верг республикан куьйгалхо ву аьлла цо.

Дахначу оршотан дийнахь Соьлж-ГIалахь хилира юьйцу инцидент. Арсашца волу ши стаг полисхошкара герз даккха гIоьртинера. Оцу зуламехь вийра полицин цхьа белхало, шолгIачунна чевнаш йира. ТIелеттарш хIаллакбира.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедарца, тIелетта шиъ хиллера ГIалгIайчуьра веана ТимурзиевгIеран ши ваша Хьасан а, Хьусайн а.

ТимурзиевгIеран ши воI билггал террорхой бара алий, тоьшаллаш гайта шайна аьлла, кхайкхамбира СултыговгIеран а, ТимурзиевгIеран а ГIалгIайчохь бехачу вежаралин тайпанаша. Иштта цара хаамбира, байъинчийн гергара нах лаьцна хиларх а, уьш маьршабаха аьлла, тIе а дожош.

"Соьлж-ГIалахь байъинарш- тхан нах бу, нагахь санна, уьш билггал террорхой хиллехь, зорбане даха тоьшаллаш, цхьа видео хилла а тоьшалла хила ма деза, цкъа делахь. ШолгIа аьлча, шун бакъо яц церан дай-наной а, йиша а лаьцна латтон, оха тIедожадо уьш дIахецар а. КхозлагIа, схьало тхан байъинчийн декъий, уьш тхайн Iадатехь дIабохка", - бохура массеран а цIарах юкъаралхочо Султыгов Сараждина, цхьахйолчу гIалгIайн телеграм-каналехь бинчу видео кхайкхамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG