ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусан уьнах велла Къилбаседа Кавказехь 28 стаг


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 28 дархо, вирус къаьстина кхин а 1 235 стагаца.

Оперативан штабан зерашца, Краснодаран махкахь кхелхина COVID-19 вирусах 15 пациент, Ставрополан махкахь велла - ворхI, Дагестанехь - пхиъ, Адыгейхь цхьа дархо.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла коронавирусах 5 920 стаг.

Къаьсттина дукха хаабелла ун даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца Ставрополан кIоштахь - 245 стаг.

Ставрополан мохк + 245 (35 570 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран мохк + 186 (28 108)
Дагестан + 159 (23 781)
Нохчийчоь + 112 (8 895)
ГIалмакхойчоь + 103 (14 982)
ГIебарта -Балкхаройчоь+ 100 (16 026)
Кхарачой-Чергазийчоь + 87 (15 302)
Къилбаседа ХIирийчоь + 87 (12 185)
Адыгей + 81 (11 184)
ГIалгIайчоь + 75 (12 302)

COVID-19 вирус токхуш ву тахана Къилбаседа Кавказехь верриг а 178 235 стаг.
Йоллу Оьрсийчохь ву ун даьлла, Оперативан штабан статистикаца, 3 212 637 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG