ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахчанца цхьаъ хиларна кхоьру нах". Къилбаседа Кавказехь алсамдаьлла хIусамаш эцар  


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчуьрчу хIусамийн рынкехь йохка-эцар цкъа а ца хиллачу кепара жигара дара дIадаханчу шарахь. ВТБ банко бинчу хаамашца, пачхьалкхан исторехь 4 триллион сом гергга барамехь ипотекан кредиташ делла Оьрсийчохь. Иза дуза коронавирусан пандеми хиларца а, сом дукха дайладарна кхерарна а. Кавказ.Реалиино теллира муха Iаткъам бира дIадахначу халчу шаро Къилбаседа Кавзехь бехачу нехан хIусамаш а, гIишлош а эца болчу аьттонашна.

Оха хаттарш деллачу агенталлаша дийцира, кризис хиллехь а, бахархой, хьалхалерчу шерашца дуьстича, алсам хIусамаш оьцуш хилар. Иза ду цара ипотека а алсам эцна бохург.

Изза гойтуш ю HИА Рейтиго бина таллам. Ипотекаш эцначу нехан терахь алсамдаьлла 2 процент гергга – 49%. Лурчаха и терахь дара 47,1 %.

Къилбаседа Кавказера бахархоша банкашкара кредиташ эцарца доьзна хьал иштта ду:

ГIалгIайчоь – 30 900 сом

Нохчийчоь – 55 500 сом

Дагестан – 57 300 сом

ГIебартой -Балкхаройчоь – 113 600 сом

Кхарачойн-Чергазийчоь – 165 600 сом

Ставрополан мохк – 195 100 сом

Къилбаседа ХIирийчоь - 199 000 сом

Адыгей – 224 200 сом

Краснодаран мохк – 227 300 сом

Рейтингийн авторша дийцарехь, банкашкара юхалург ахча эцар доьзна дара карантинан дехкаршца. Иштта стохка бIаьста "сомоизоляци" юкъаяьккхинчул тIаьхьа банкашна декхарелахь болчу нехан терахь лахделира дуьххьара кху тIаьхьарчу кхаа шарахь.

"Амма "самоизоляцин" раж малйинчул тIаьхьа, кредитан ставка лахйинчул тIаьхьа, Iедало дустуш сурсаташ дохкаран цхьамогIа секторшна гIортор йинчул тIаьхьа бахархой юха эца буьйлабелира кредиташ", - аьлла ду оцу хаамехь.

Изза хуьлуш хиларна тидам бира Къилбаседа Кавказерчу риелторша а. Цул сов, дехкарш малдаро Iаткъам бира оьцучу хIусамех а, латтах а ахча даларан кепана а. Аьхка мах беш, коьртачу декъана, йохкархочунна кара дIалора ахча, амма стохка 4-чу кварталехь цIеххьана алсамделира ипотекаш эцар.

"ЭкспертРиэлт" агенталло бинчу хаамца, неха хIусамаш эца йолу таронаш лах ца елира, мелхо а уьш йохка луучеран терахь лахделира.

Амма хьал массо а республикехь цхьаьтера дац. Дагестанехь, масала, ара-чу ца баккхалун бахам оьцуш болчу нехан терахь алсамдаьлла, иза пандемица доьзна дацахь а, ГIебартойн-Балкхаройчохь хийцамаш ца хилла, ткъа Къилбаседа ХIирийчохь а, ГIалхьайчохь а ипотекаш оьцучу нехан терахь цIеххьана лахделла.

Ара-чу ца баккхалун бахаман Vilema агенталло дийцарехь, адамаш кхоьруш ду ахчанца цхьаъ хиларна. Цундела шайн рынкан 90 % ненан капитал олу ахча ду, боху цуьнан векалша.

"Цхьа а хIума оьцуш дац, дерриг а лаьтташ ду", - боху ГIалгIайчуьрчу "Стройинвест" гIишлошяран компанино. - Хьалха ипотека оьцурш дукха бара. Ткъа хIинца, кризис бахьана долуш, ипотека эца а кхоьру нах, ахча дохка а ца хIуьтту уьш. Дика дац гIуллакхаша".

Forbes журналан версица, Оьрсийчохь гIишлошъярехь уггар кхиаме ю ПИК компанийн тоба. 2019-чу шарахь а, 2020-чу шеран 6 баттахь а цо мах бина 340 сов млрд соьмана. ШолгIачу меттехь ю – Setl Group компани, кхоалгIа ю - ФСК.

"Открытие" банко бинчу талламца Къилбаседа Кавказерчу 69 % бахархошна хета 2021-чу шарахь хIусамийн мехаш тIекхетар бу аьлла. Амма цуьнга хьажна доцуш, 47 % оцу талламехь дакъалаьцначарах дагахь бу ара-чу ца баккхалун бахамах цхьаъ эца. Цара дийцарехь, церан коьртачу декъан ши Iалашо ю: эцна хIусам а, гIишло а я аренде ялар а, я, тIе мах а тоьхна, юхайохкар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG