ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ Конгрессан Векалийн чоьнан куьйгалхо хаьржина юха а демократ Пелоси Нэнси


Пелоси Нэнси

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессан векалийн чоьнан спикер, демократ Пелоси Нэнси юха а хир ю, президент а, вице-президент а дIаваьккхича, мехкан кхоалгIачу уггар лакхарчу даржехь. 80 шо долу политик юха а оцу дарже хаьржина Дечкен-беттан 3-хь, кIиранан дийнахь, керла хаьржинчу Конгрессан хьалхарчу белхан дийнахь, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Пелоси харжа реза хьулуш кхаж тесна 216 конгрессмено. Цуьнан оппонент волчу республикахочо Маккарти Кевина гулбина 208 кхаж, хаам бо "Немцойн тулгIе" зорбан гIирсо.

Демократашкара масийтта мандат дIаяьлла керлачу
Векалийн чоьнехь, амма дукхаха долу мандаташ дисна цаьргахь. Стохка Лахьанан-баттахь хиллачу харжамашкахь Американ низамаш дохучу органан лахарчу чоьне хаьржира 222 Демократин партин векал а, 211 Республикан партин векал а. Хьалха хиллачу Конгрессехь демократашкахь яра 232 меттиг, республикахошкахь – 197.

Цкъачунна хууш дац муьлхачу партино урхалла дийр ду Сенатана. Джорджия штатаехь тIедогIучу шинарин дийнахь (Дечкен-беттан 5-хь) шолгIа мур хиллалц Сенат карахь юьсуш ю Республикан партин векалийн.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG