ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла, Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, 29 стаг, цамгар хааелла кхин а 1200 вахархочуьнца.
Краснодар-махкахь кхелхина 15 пациент, Ставропол-махкахь - 6, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а - кхоккха, Адыгейхь – 2.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь велларг ву COVID-19 цамгарх 5 981 вахархо.
Дийнахь-буса а, юьхьанца схьа а уьнах цомгуш хилларш:
- Ставропол-мохк + 246 (36 059)
- Краснодар-мохк + 187 (28 479)
- Дагестан + 159 (24 098)
- Нохчийчоь + 104 (9 106)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 100 (16 226)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 86 (15 476)
- ГIалмакхойчоь + 95 (15 163)
- Къилбаседа ХIирийчоь + 84 (12 354)
- Адыгей + 80 (11 341)
- ГIалгIайчоь + 60 (12 418)
Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана цамгар хааелла 180 720-зза. Ерриг а Оьрсийчохь и терахь ду 3 260 138.