Талламаш бечу Bellingcat-ан журналист Грозев Христо автор а волуш, баьржийначу хаамаша довзийтира муьлхачу хенахь, стенга бахана лелла оппозиционерна Навальный Алексейна тIекхачале "ФСБ-нера дIовшдалархой". Оцу хаамашна тIе а тевжаш, социалан машанашкарчу наха цхьаьнайоьзна буьйцучу ФСБ-н белхахойн Къилбаседа Кавказехула дIасалелла хан а, оцу регионехь халкъалара жигархой белла хан а, хьелаш а.
Масала, Яблоко партин жигархо, журналист Куашев Тимур веллачу хенахь нисвелла цхьа "дIовшдалархо" Нальчикехь. 29 шо долу Куашев вийна карийра аьрру бIаьрга кIел томагIа а долуш, ткъа дегIан аьрру агIор яра маха тоьхна лар – оцо шекбехира нах иза шен Iожаллица велла бохучух. Хаалуш кхин дерташ дацара, эксперташна хетарехь, девзаш доцчу дIаьвше вийнера иза. Лоьраша деган лазарх велла бохура журналист, амма гергарчара 20I8-чу шарахь арз хьажийна Европан кхеле.
20I5-чу шеран Зазадоккху-баттахь кхин цхьа "дIовшдалархо" вахана кеманца Дагестане. Оццу деношкахь цигахь вийна карийна "Цхьаалла" ("Единство") боламан жигархо Магомедрагимов Руслан. Цуьнан дегIа тIехь а карийра маха тоьхна лар – садукъделла велла иза бохура лоьраша.
20I3-чу шарахь Грозев Христон талламехь хьехош болу ФСБ-н белхахой хилла Къилбаседа Кавказехь Оьрсийчохь йихкина йолчу "Кавказ Имаратан" лидер хууш доцчу бахьаница веллачу деношкахь.