ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Джулиан Ассанж Америке дIавала реза ца хилла Британин кхел


Ассанж Джулиан
Ассанж Джулиан

Wikileaks портал кхоьллина Ассанж Джулиан Америке дIавала реза ца хилла Лонданан зуламаш къасторан Коьрта кхел, яздо "Карара хан" телеканало, The Guardian газетана тIе а тевжаш. Цхьаmнатоьхначу Штаташкахь Wikileaks-ан долахочунна биллина 17 бехк, шайна юкъахь Иракъехь а, Афганистанехь а дIаяьхьначу тIеман операцех лаьцна къайленаш Iора яхар а долуш. Америкехь Ассанжана хан кхайкхо мегаш ю 175 шо набахтехь даккха.

Wikileaks портал кхоьллархочун Америке экстради ца ян сацам бина кхело цуьнан синӀаткъаман могашалла вон хилар а, цо ша шена тIе куьг дахьа мегаш хилар а тидаме эцна. Суьдхочо Барайтсер Ванесса билгалдаьккхина, иза Америкехь массерах а дIакъастийна набахтехь латто мегаш хиларх лаьцна. Цо дийцарехь, Американ Iедалша дуьйцучу хьелаша новкъарло йийр яц цунна ша шена тIе куьг дахьа.

Цуьнца цхьаьна цсуьдхочо тидаме эцна, Лондонехь набахтехь депресси ловш хилла иза аьлла, медицинан говзанчаша бина сацам.

Ассанжа кхоьллинчу Wikileaks сайто 2006-чу шарахь дуьйна Iора йохуш ю, билггала ца девзачу хьасто шега кхачо хаамаш. Ша Ассанжа бехк тIе ца лоцу.

Журналистийн юкъараллаша а, тайп-тайпанчу бакъонашларъечу тобанаша а, шайна юкъахь Amnesty International а, "Доза доцуш репортераш" а йолуш, чIагIдо Ассанжна дуьхьал лелориг дешан маршонна дуьхьал дера долу кхераме масал ду.

Стохка, 2020-чу шарахь Американ векало дIахьедира, адамашна хаамаш бовзийтаран Iалашо хиларо бакъ ца до низам дохор, ткъа Ассанжана дуьхьал долийна гIуллакх могIарера зуламаш дарца доьзна ду аьлла.

2010-чу шарахь Wikileaks-о видео яржийра Иракъехь Reuters агенталлан журналистийн тобанна Американ эскархоша герз детташ яьккхина йолу. 2011-чу шарахь зорбане дехира цо къайлаха йолчу Гуантанамо набахтехь латтош 800 тутмакх хиларх лаьцна, шайна юкъахь бераш а долуш. 2015-чу шарахь Iорадаьхна документаш бахьана долуш хиира Американ лерринчу сервисийн белхахой дуьненера политикашна тIаьхьахьожуш лелаш хилар. 2017-чу шарахь зорбане девлира шпионаж лелош телефонаш а, антивирусаш а, телевизорш а лелочу Американ коьртачу талламан сервисан (ЦРУ) лерринчу тобанах лаьцна документаш.

И публикацеш бахьана долуш дуьненаюкъара скандалаш а хилира, церан чулацам бахьана долуш талламаш а бира.

Ассанж – турпалхо, ямартхо я сийлалла дезарг?

Америке ша дIа ца валийта Ассанжа масийтта шо даьккхира Лондонерчу Эквадоран векалаллехь: оцу пачхьалкхо цхьана ханна политикан тховкIело еллера цунна. Амма векалллан кертара аравала аьтто ца белира Ассанжан, ткъа хенан йохалла юкъаметтигаш телхира цуьнан Эквадоран Iедалшца.

И бахьана долуш 2019-чу шарахь Оханан-беттан 11-хь Эквадоран дипломаташа кхайкхинчу Британин полицино лецира Wikileaks кхоллархо векалаллан кертахь.

Британехь Ассанж таIзар токхуш ву маьрша воккхуш закъалтана кхайкхийна билламаш ца ларбарна. 2012-чу шарахь Швецино бехк биллира цунна зударшца эвхьаза леларна. И бехк зулам дар санна лоруш хиларна, Швецино дуьненаюкъарчу лехаме велира Ассанж, и бахьана долуш иза лецира Британехь. Адвокатийн аьтто белира, закъалтана ахча а делла, иза набахтера араваккха. Амма ша араваларца къайлавелира Ассанж Эквадоран векалаллехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG