Дайна шо пандемино лаьцна хиллехь а, боккха пайда бохьуш дирзина Оьрсийчуьрчу миллиардерашна. Массарел дукха хьал гудина 20120-яу шарахь бизнесхочо, Дагестанан сенатора Керимов Сулимана а, "Металлоинвест", "Мегафон" компанийн долахочо Усманов Алишера а, боху Новости агенталло.
Оьрсийчоьнан бизнесхойн рейтингехь 15-гIачу меттехь волчу Керимовс шен хьал дебийна 4,82 миллиард долларе кхачош (цуьнан берриг а бахам бу 9,89 миллиард долларна).
Bloomberg тептарахь болчу Оьрсийчуьрчу бизнесхойх кхоъ бен вац хьал стохка лахделлачаралахь - Алекперов Вагит (-$4,99 млрд), Федун Леонид (-$2,45 млрд), Тимченко Геннадий (-$1,51 млрд).
- Пандеми лаьттачу шарахь Дагестанна кхузза молханийн партеш, сихха гIокхачош йолу лоьрийн машенаш хьовсийра Керимовс.