ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. ХIинца


ХIинца

ХIинца хено суна хьоьху гIайгIа.
ТIулг а баьлла хIинца-м тIулгах шек.
Гина доцу хIумнаш суна гайтан
Болабелла сан галбаьлла некъ.

И сан кхане, хьалха санна, генахь
Тийна Iуьллу, тIейиллина чан.
Цхьаъ дан санна сецайо цо шегахь
Ша соьгара дIаидийна хан.

Дуьйцург довззал хили хIинца говза.
Хилла дели ша хиндолу эхь.
Денош- жовхIарш, дIасакхуьйсуш, ловзан
Меттиг яц сан хIинца дуьнентIехь.

Кхане ларъеш, дуьйлур дац дог тIома .
Воккхавевеш гIиттор вац цо кхин .
ЧIогIа кIаргди дахаро, тIехдолуш,
Цунний, суний юьккъехь хилла Iин.
2015 ш.

XS
SM
MD
LG