ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу депутата Хамбиев Мохьмада кхерамаш туьйсу гIалгIайн жигархочунна


Нохчийчоьнан Ичкерин министр а лаьттина, Оьрсийчоьнехьа ваьллачу, тахана Нохчийчохь парламентан депутат волчу Хамбиев Мохьмада кхерам тесна ГIалгIайчуьрчу юкъархочунна Султыгов Сираждинна ша инстаграмехула яржийначу видео чохь.

"Тхо беной ду, лаххара а 10 эзар тIом бан а хууш, карахь герз а долуш нах бу тхан Iедалан белахашкахь. Ахь тхан паччахье къамел дина, ткъа иза тхан бено ву, оха ахь цуьнга динчу къамелах хьоьга жоп доьхур ду. …Хьо бIаьрса доцуш ву, хьуна хьайна тIехьа масса стаг ву а ца хаьа. …Хьоьца тахана дуьйна бенойн чIир ю хьуна, нагахь санна ахь къинтIера довлар дехахь, хьовсур ду вай», - боху шен къамелехь Хамбиевс.

Цо иза дар дозу Султыговс Кадыров Рамзане тбинчу видеокхайкхамца. Шен кхайкхамехь гIалгIачо Кадыровга доьхура деношкахь Соьлжа-ГIалахь уьрсаш диттина полисхо вийча хIаллакбинчу вежарийн ТемурзиевгIеран декъеш шайга дIадалар а, оцу бахьаница Нохчийчохь лецна кхобу беллачу ТемурзиевгIаран да-нана а, 20 шо долу йиша а дIахецар.

  • Официалехь йолчу версица, ГIуран-беттан 28-чохь вежарша ТемурзиевгIара - Хасана а, Хьусайна а – 22 шо долу полисхо Джабраилов Мохьмад вийна уьрсаш диттина, лазийна цуьнан белхан накъост. Циггахь вийра и ши ваша а.
  • Нохчийчоьнан парламентан сайто бахарехь, Ханбиев Мохьмад депутат ву "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин векал, низаман, къепелатторан, кхерамзаллин комитетан декъашхо.

XS
SM
MD
LG