ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таджикистанан Iедалхоша дIахьедина, шаьш коронавирусана тIехь толам баьккхина аьлла. Тешийла дуй царах?


2021 шо карадеачхьана Таджикистанехь коронавирусан ун даьлла виъ стаг бен вац, ткъа дарбан хIусамашкахь оцу лазарца висина стаг а вац. Пачхьалкхан могушалла Iалашъяран а, социалан а министралло бина ишта хаам, яздо Настоящее Время телеканало.

200 гергга дархо шайн цIахь дарба деш воллушехь, могушалла Iалашъяран министралло эпидеми йирзина бохуш, кхийкхош ду. Официалан статистикех таджикаш берриш а бац тешаш.

Медицинан масканаш Душанбехь массара а бохург санна лелош ю, амма, дукха хьолахь, кисанахь. Юкъарчу транспорта тIе ховшуш оьшу царна масканаш, иштта туьканаш чу а, пачхьалкхан хьукматаш чу боьлхуш а. Даим а ца хуьлу низамашна тIехь терго латтош хадархой.

"Дозанаш къевлина ду, тхо долчу цхьа а вац вогIуш, цундела цамгар а яйна", - аьлла хета Настоящее Время телеканало хаттар динчу цхьахволчу таджикна.

Оьрсийчу лела кеманаш совцийна Таджикистано а, Оьрсийчоьно а Зазадокху-беттан 27-чохь дуьйна. Делахь а спецрейсаш пачхьалкхана юкъахь дIасалелаш ю.

"Тхан къомо массо а кхерамзаллин барамаш кхачо йоллуш ларбарна дерриг а дика ду тхан", - боху хаттар динчу кхин цхьаммо.

"Массанхьа а охьаховшийна хадархой бу, амма, масканаш лелорна тIехь терго ца латтайо цара. Бакъду, массанхьа а дIадиттина йозанаш ду: масканаш лелае бохуш, юкъадаьккхина омра а ду Iедало", - бохуш, билгалдоккху кхин а цхьана стага.

Таджикахоша масканаш лелорца ледарло ярна реза бац могушалла Iалашъяран министраллехь. Дарбанан хIусамашкахь официалехь коронавирусан инфекцица пациенташ бацахь а, тIаьххьарчу деношкахь ун къаьстина веа стагаца. Цундела кхачо йоллуш толам баьккхина COVID-19 вирусна тIехь, олийла дац хIинца а.

"Селхана ковид гучуяьлла веа вахархочуьнца, дозанашкахула Таджикистане юхабаьхкинчех ву царех ун долу шиъ", - боху пачхьалкхан санитаран а, эпидемиологин а хьукматан хьаькамо Джаффаров Навруза.

2021-ра шо юккъе даьллачу заманчохь эшон аьтто хир бу тхан корорнавирус аьлла, оптимизме дIахьедина могушалла Iалашъяран министралло. Бахархошна вакцинаци яр долор ду оцу хенахь. Тахана Iедалхой сиха бац молханаш эца – массо а вакцина зийначул тIаьхьа, Дуьненчуьрчу могушалла Iалашъяран организацин (ВОЗ) рекомендацешка а хьовсуш, уггар а диканиг эца Iалашо ю церан

Таджикистанан Iедалхойн дIахьедарх ца теша блогер Гулов Рустам. ВОЗ-н мисси пачхьалкхе кхаччалц къайладаьхьнера цара коронавирус махкахь хилар, ткъа официалан статистика масийттазза лахара яра официалехь йоцучул а.

"Хаамийн гIирсаша зорбане доху зераш. Уьш ду могушалла Iалашъяран министралло лун терахьаш. Ткъа ВОЗ организацино Iорадохурш министраллан зераш ду, - боху Гулов Рустама. – Ткъа и статистика кеп-кепарчу ресурсашна юкъахь го бохуш ю, тIаккха гуш хуьлу – дуьххьара езраш довзийтинарг могушалла Iалашъяран урхалла хилар. Нагахь санна, цара цхьаъ олий, иза бакъ дуй хьожуш, талла Iаламат хала хуьлу".

Официалан терахьашца, бархI миллин бахархой бехачу Таджикистанехь коронавирусан уьнах цомгаш хиллера 13 эзар стаг, ткъа кхелхина 90.

Социалан машанашкахь гулдинчу, официалан доцучу зерашца, стохка Стигалкъекъа-баттера Гезгамашин-батте кхаччалц ковидах велла мел лахара а 450 таджикхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG