ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ницкъхойн операци йоьдуш лаьцна кхо стаг вийна карийна Соьлжа-ГIалахь


Соьлжа-ГIалахь дайначу шеран ГIадужу-беттан 13-чохь лерина операци йоьдуш лецначу нехан декъеш лаьтте дерзо дIаделла гергарчаьрга.

Байъинарш бу Исаханов Ислам, цуьнан зуда Замидова Биназир, хьалхарчун ваша ИбрахIим а, яздо "Керлачу газето" ("Новая газета").

Официалан версица уьш белла Теркан дукъца хиллачу некъан хьовзамехь, Серноводсканий, ГIалгIайчуьрчу Соьлжанний юккъехь. Ткъа Нохчийчуьрчу ФСБ-н урхаллин хаамца, тIе герз диттина карийна машен.

Амма некъан хьовзам хьахийна бац Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин хаамашкахь, я кхайкхийна дац алссам машенаш лелачу некъа тIехь герзаш диттина аьлла.

Исаханов Исламан шолгIа зуда, 14 шо долу дагестанхо Сайидова Жасмина а яра лаьцна кхобуш Соьлжа-ГIаларчу Октябрскан кIоштарчу полицин №2 декъехь кху масех баттахь. Журналисташа динчу хаттарна жоп луш полицин белхахочо аьлла хилла, иза ша Нохчийчуьрчу тIемалошца хилар даредеш, тоьшаллаш луш ю.

Кавказ.Реалиин редакция редкацино хаийтина ма-хиллара, 2020-чу шеран ГIадужу-беттан 13-чохь леринчу операцехь вийра виъ стаг. Уьш тIемалой бу, чIагIдора ницкъхоша. Ши Iедалан белхао а вийра цигахь, лазийра цхьаъ.

XS
SM
MD
LG