ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Навальныйна дIовш делларш" Къилбаседа Кавказехь: жигархойн а, тIемалойн а баларш


Оьрсийн оппозиционерна Навальный Алексейна дIов даларна бехке хила тарло аьлла хетачу бархI ФСБ-н белхахочун дIасалеларх таблица зорбане яьккхира Керла шо карадале журналисто-талламхочо Грозев Христос.
Къаьсттина дукха листина уьш Къилбаседа Кавказе. Цул совнах, меттигера жигархой лечу заманчохь а цигахь нисбелла уьш.

Грозевн зерашца, тIаьххьарчу 11 шарахь Навальныйна дIовш делларш бу аьлла хета нах, Къилбаседа Кавказехь мел лахара а 100-зза хилла бу. Билггал масаза бахана уьш цига ала хала ду: информаци бакъ елахь а, юьззина яц.

Цкъацкъа, масала, ХIинжа-ГIала богIура уьш, ткъа юха ца боьлхура цигара. Нислора билгалдаьккхинчу дийнахь ца богIуш а, амма Москва юхабахка эцна билеташ хуьлура.

Цул совнах, сих-сиха цхьана гIала кхочура уьш, ткъа юхабоьлхура кхечу шахьарара. Уьш дукха листинчу гIаланех ю БуьритIе а, ХIинжа-ГIала а. Иштта дукхазза бахана уьш Минеральные Воды гIала а цхьана. Хила тарло и, цхьана заманчохь Кавказехь и цхьа аэропорт бен дийнахь масийттазза Москва кеманаш гIуьтту аэропорт цахиларца доьзна.


"Даго ца лайна"

2013-чу шарахь цхьахволу "химик", цкъацкъа ша новкъаволуш Спиридонов фамили лелийна волу Осипов Иван цхьана хенахь Соьлж-ГIала марзвеллера.
Охан-беттан 18-чу дийнера Товбеца-беттан 18-чу дийне кхаччалц вовшахтоьхча, мел лахара а ворхIозза хила иза Соьлж-ГIалахь.

Оццу шарахь шозза Нальчикехь а хилира иза. Ткъа кхо шо хьалха пхи де даьккхира цо Ставрополехь. 2019-чу шарахь юха а веара иза цхьана денна ша леста Iеминчу шахьаре.

Осиповца цхьана Нальчике веара Кудрявцев Константин а. Цуьнца къамел динера телефонехула Навальный Алексейс, цушиммо дийцинера хечи тIехь дисинчу дIовшах лаьцна а.

2014-чу шеран Марсхьокху-беттан 22-чу дийнера 31-чу дийне кхаччалц Осиповс хан яьккхина хилла Минеральные Воды олучу гIалахь.
Нальчикера жигархо Куашев Тимур валар нисделира иза веана а волуш.

Веллачун доттагIчо Абакаров Абакара хIетахь дIахьедира, Куашев вийна ву аьлла: "Цунна дIовш делла хиларх массо а билгалонаш йолуш ю. ПIелгаш Iарждала доьллера. Пхьарса кIел маха тоьхна лар ю, цIийелла и меттиг... Оцу кепара къиза стаг вуьйр ву ца моьттура".

2019-чу шеран Гезгамашин-баттахь Куашев валар толлуш долийна гIуллакх юкъахдаьккхира "зуламан бух бац" аьлла. "Кавказе "дIовш делларш" лестар дуьхь-дуьхьал хIиттош, зераш ас дина дац, - аьлла Кавказ.Реалиига КуашевгIеран доьзалан хиллачу адвокато Шомахов Заура. - Бакъду, иза вийна ву аьлла, хета суна а. ХIаъ, дIовш делла вийна вара иза".

Мел лахара а доьазза юкъахдаьккхира Куашевн гIуллакх таллар аьлла, билгалдаьккхира Шомаховс. Цул тIаьхьа юха а талла буьйлалора, амма кхачам боллуш листа Iалашонца-м ца дора цара и.

"Оцу гIуллакхах кхин йист ера йоцийла тхайна хиича, къийсам сацийра оха", - аьлла, дерзийра шен къамел адвокато Шомаховс.

Кхин а цхьана лезгинийн юкъаралхочун Магомедрагимов Русланан валар а нисделира, и нах бахкарца. 2015-чу шеран Зазадокху-беттан 24-чохь велира иза. Оцу хенахь Осипов-Спиридонов БуьритIехь вара, Грозевн таблицица а догIуш.

Даге лазар деана велла аьлла, дIахьедира официалехь. "Садвал" боламан лидеро Эседов Альберта чIагIонаш йора хIетахь, патологоанатоман жамIаш тIехь, иза валаран бахьана - асфикси дара бохуш.

Шаьш шайх республика аьлла, дIакхайкхийначу Абхазин хIинца волу президент Бжания Асланна дIовш даларца ган а гуш цхьаьнанисдаларш дацахь а, бакъду, и нах масийттазза, Бжания шозза а дарбан цIийне виллича, Сочи баьхкинера. Сочера Сухуми кхача - 125 чакхарма бен некъ бац.

Оппозицин лидер лаьттина Бжания 2019-чу шеран Охан-беттан 21-чохь дарбан цIийне охьавиллира дуьххьара. Александров псевдоним лелош волу Фролов веара Сочи цхьана денна Охан-беттан 16-чохь. Цул а бутт хьалха Сочехь хилира лакхахь вийцина Осипов.

ШолгIа Бжания лазартне охьавиллира стохка Зазадокху-беттан 2-чу дийнахь. Ткъа Чиллан-беттан 26-чохь цхьана денна Сочи веара Фролов, Осипов Зазадокху-беттан 11-чу дийнахь хилира цигахь.

Медичин кепаш?

Бехк боцуш нах лоьцучу заманчохь а, тIемалой лоьцу бохуш, лерина операцеш дIакхоьхьучу хенахь а нислора Навальныйна дIовш делларш бу аьлла, билгалбаьхна нах, Къилбаседа Кавказехь.

Къаьсттина дукха нисделла церан ХIинжа-ГIала бахкарш. Масала, Кудрявцев борхIазза хилла Къилбаседа Кавказехь, ткъа царех пхоьазза вар оцу кепарчу хиламашца доьзна ду.

Стохка ГIадужу-беттан 8-чохь тIаьххьара хилла къайлахчу сервисийн белхахой Дагестанехь. Иза ду Навальныйна дIовш делла бутт баьлча.
БуьритIе веанчу агенто Кривощековс кхо де даьккхира цигахь.

Оццу заманчохь Нохчийчохь лерина операци дIаяьхьира, гIаттамхой бара аьлла, Борчашвили Рустам а, Байдулаев Казбек а вуьйш. Ала догIу, Байдулаев шолгIа "вийра".

ДIовш делла тIемалой байъарх яздира Оьрсийчоьнан зорбанаш 2010-чу шарахь. "Росбалто" чIагIдарца, 2010-чу шарахь дIовш делира мел лахара а 17 тIемалочунна. Меттигерчу бахархоша царна дIаеллачу сурсатех тоьхна хиллера дIовш. Байъина аьлла, цIераш яьхначарлахь бара буьйранчаш - Темиралиев МагIарби а, Пашаев Абубакар а, Умаров Докку а, Амат Ясир а, Хаттаб а.

"Со кхеташ хIума дац хIара, амма хIан-хIан, бакъ дац олийла дац сан, хIунда аьлча, хIокху пачхьалкхехь хIуъа а хила йиш ю, - аьлла, дийцина Кавказ.Реалиига нохчийн бакъоларъярхочо Титиев Аюба. - Цхьа а хIилланаш а ца лелош хIаллакбойла ду Кавказехь нах. Делахь а тарло, оцу кепашца уьш хIаллакбина хила. Кавказехь стаг новкъараваккха - дукха хIума ца оьшу. Церан карах дакъазабевлла бIеннашкахь бац, эзарнашкахь бу. Бакъду, хIокху талламбаран духе со кхийдина вац".

"ФСБ-н агентийн" дIасалеларца доьзна ГIалгIайчохь истореш тIаьххьарчу итт шарахь хилла яц боху ГIалгIайчуьрчу "Мемориалан" офисан куьйгалхочо Акиев Тимура.

"Нах бойъу, лечкъа а бо, - дуьйцу Акиевс. - Дийцарехь, Умаров Доккина дIовш делла хилла. Тарло и нах Кавказе лестар а, оцу хена чохь гIаттамхой байъар а иштта ларамза нисделла хила а. Ца хила а тарло. Вайна ца хаьа, гIаттамхойн буьйранчаш муха къаьстина шайн дахарх".

Акиев тешна ву, дIовш делларш бу аьлла, буьйцу нах ГIалгIайчохь хилла бац аьлла: "Кхузахь массо а вовшашна вевзаш ву. Муьлхха а велла стаг лупехула а хьуьйсуш, толлу. 2013-гIа шо тIедаллалц тхан нах къайлабохура, бовра. Цул тIаьхьа бакъо йоцуш лецарш долийра, амма адам тIепаза довш- ца нисло кхузахь".

ТIедогIучу деношкахь Грозев Христос ша бинчу талламан керла жамIаш Iорадохур ду ша аьлла. Хетарехь, цуьнан жамIашкахь жоп хила тарло, Навальныйна дIовш деллачу нехан цIарах, оццул муьтIахь туристаш хIунда бара Кавказан бохучу хаттарна.

Материалан оригинал кхузахь еша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG