ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Куашев, Исаев, Кара-Мурза дIовш делла велла хила тарлуш йолу верси толлуш ю Bellingcat


Христо Грозев, Bellingcat
Христо Грозев, Bellingcat

Журналиста Горзев Христос "Дождь" телеканалан эфирехь хаийтина Bellingcat-о карарчу хенахь д1ахьош болчу талламех лаьцна - Оьрсийчоьнна вевзаш хилла масех стаг муьлхачу бахьаница, хьенан карах велла зуьйш ю журналистийн-талламчийн тоба.

Навальныйна д1овш луш хьийзина нах т1аьххьарчу заманахь лелла меттигаш билгалъевлича х1оьттина и хаттар, боху Грозевс.

Шайггара талламаш бина социалан машанех пайдаоьцучара а: хааделла, журналисташа-талламчаша Навальныйна зен дина ФСБ-н белхахой хила мега аьлла ц1ерш яьхна нах хиллийла Кавказехь журналист Куашев Тимур а, юкъараллин жигархо Магомедрагимов Руслан а веллачу деношкахь, уьш баьхначу меттигашкахь.

Грозевс дийцарехь, алссам ду Оьрсийчохь бевза нах беллачу деношкахь, уьш баьхначу меттигашкахь буьйцу ФСБ-хой лелла хилар гойту документаш. Масал далош, Bellingcat-хочо боху, 2014-чу шарахь Нальчикехь журналист Куашев Тимур веллачу дийнахь оцу г1ала кхаьчна лелла д1овшдалархой, "иштта хьийзина уьш, гарехь, Къилбаседа Кавказехь кхиболу журналисташ а, бакъоларъярхой а бойъуш".

"Суна цкъачунна ца лаьад1аьвшах белларш хьехо. 100% бакъдолу тоьшаллаш хиллалц со кийча вац ма-дарра дийца", – аьлла Грозевс.

Ша а, шен накъостий а шайн талламашкахь хьенан кхалхар зуьйш ду а хаийтина цхьана декъанна Грозевс. 2017-чу шарахь Кара-Мурза Владимир дарбан х1усаме кхачар а, 2019-чу шарахь Тамбов-Москва ц1ерапошта чохь политик Исаев Никита валар а толлуш ю Bellingcat тоба. "Оцу бохамийн юкъара х1уманаш хаало, талла дезаш ду дерриг а", – хаийтина Грозевс.

  • Яблоко партин жигархо, журналист Куашев Тимур веллачу хенахь нисвелла цхьа "дIовшдалархо" Нальчикехь, чIагIдо журналисташа-талламчаша. 29 шо долу Куашев вийна карийра аьрру бIаьрга кIел томагIа а долуш, ткъа дегIан аьрру агIор яра маха тоьхна лар – оцо шекбехира нах иза шен Iожаллица велла бохучух. Хаалуш кхин дерташ дацара, эксперташна хетарехь, девзаш доцчу дIаьвше вийнера иза. Лоьраша деган лазарх велла бохура журналист, амма гергарчара 2018-чу шарахь арз хьажийна Европан кхеле.
  • 2015-чу шеран Зазадоккху-баттахь кхин цхьа "дIовшдалархо" вахана кеманца Дагестане. Оццу деношкахь цигахь вийна карийна "Цхьаалла" ("Единство") боламан жигархо Магомедрагимов Руслан. Цуьнан дегIа тIехь а карийра маха тоьхна лар – садукъделла велла иза бохура лоьраша.
  • 2013-чу шарахь Грозев Христон талламехь хьехош болу ФСБ-н белхахой хилла Къилбаседа Кавказехь Оьрсийчохь йихкина йолчу "Кавказ Имаратан" лидер хууш доцчу бахьаница веллачу деношкахь.
XS
SM
MD
LG