ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дама а, шекар а, бепиг а цхьана кхоон деза тхан". Оьрсийчу дIа ца бахначу таджикхойн мигрантийн дахарх


Таджикистанехь коронавирусан пандеми хьакхаелла пачхьалкхан массо а бахархойх, къаьсттина къинхьегаман мухIажирех. Официалан зерашца, хIора шарахь Оьрсийчу балха дIабоьлхура цхьа миллион ах миллион гергга Таджикистанан бахархой.

Кху шарахь коронавирусна тIехула дозанаш къевлина хиларна церан доккхадолу дакъа даймахкахь дисина. Белхан къоьлла ю Таджикистанехь, цундела мигрантийн доьзалш халла хене бовла гIерта: уггар йорах сурсаташ а цхьана кхоон езаш хуьлу уьш.

Юккъерчу Азин соус йеш йоллу Носирова Саодат. Картол а, хох а, жIанк а доцург а, жижиг оьшу цунна. Бакъду, пандеми чукхаьчна, дозанаш дIакъевлинчул тIаьхьа Саодатан доьзална жижиг гина дац. Оьрсийчохь болх беш берийн дас доккхучу ахчанах хене буьйлура уьш: хIара а, цIийнда а, кхеран кхо бер а.

Коронавирусна тIехула а, дозанаш къоьвлина хиларна а юха балха дIаваха аьтто ца хилира цуьнан. Арахь нораш хьоькхучаьрца болх беш ю ша Саодат, ткъа цуьнан хIусамда Iабдусаммад хIора денна Душанбе оьху болх лоьхуш. Наггахь аьтто хуьлу цуьнан балхаца. Цигахь доккхучу ахчанах денна яахIума оьцу цара.

"Са хIусамдас цIа дохьур долчу ахчане хьаьжжина хуьлу тхан пхьор. Алсам ахча даккхахь, эвссара хIума юу оха, кIезиг даьккхинехь - гIад дайна гIуллакх хуьлу тхан", - бохуш, ма-дарра дуьйцу Саодата.

Дозанаш схьаделларе сатесна ву Iабдусаммад, Оьрсийчохь белхаш бархьама. Цо дийцарехь, дуккха а ахча даккха таро яц Таджикистанехь, ткъа юкъ-кара бечу балхах кIезиг ахча кхочу. ТIехула тIе, боху цо, Душанбехь карон болх беза а, боьха а, цхьана ханна а бен ца хьулу.

"Хала зама ю. ХIун напха латтор дара ас, Iаьржа белхаш беш лелаш волчу? Болх Iаламат беза бу: масала, гIум яссайо гIишлошъяран компанехь, я гIишлошъяран цхьа гIирс. Ледара нахарташ кхочу цунах. ХIинца шелъелла, кхозлагIа де а ду со болх ца карош лела", - дуьйцу Iабдусаммада.

Нурова Сафаргулан Оьрсийчохь къахьоьгуш ши кIант ву. ХIинца пандеми бахьана долуш ший а мукъа ву. Тоххара шина кIанта ахчанаш кхоьхьуьйтура шена, цара яа а, мала а латтайора шена а, важа жимахволчу кIантана а, воIарийн зударшна а, церан берашна а боху Сафаргула. Карарчу хенахь аьтто боьхна церан, цундела шина пенсех хене дуьйлуш, схьадогIу шаьш. Ткъа и ахча бепиг а, картол а эца бен ца тоьа.

"Массо а хIумана тIехь юхауьйзуш Iаш ду тхо, дамна а, бепигна а, шекарна а тIехь а цхьана. Кила шекарх итт сомони доьху, деман галех 260, ткъа сан пенси 120 сомони бен дац, - дагардо Нуровас. - ХIара дахар хьаьхна тхуна. Дика ду, Iедалхоша пачхьалкхехь машар а, къепе а латтош. Делахь а, цхьаъ ца йиича мегар дуй къам!?"

Сафаргулан кIанта Шарифбека боху, шен доьзало хIинца бепиг а ца оьцу, базарахь дама а, даьтта а оьций, шаьш хьокхамаш до. Иштта мел а дорах хуьлу.

"ХIаъ, оха тхаьшша бепиг дотту, бераш дузон. Кхин хIун дийр ду? Иштта дIа Iаш ду-кх тхо", - дуьйцу Нуров Шарифбека.

Дуьненаюкъарчу банко бинчу талламашца, 40 процент Таджикистанан бахархоша пандемин муьрехь юхаоьзна сурсаташ эцар. Массарел а чIогIа зенаш хилла къинхьегаман мигрантийн доьзалашна. Банкан аналитикаша бахарехь, пачхьалкхехь къоьлла яржа тарло. Таджикистанехь дукха хьолахь банкехула кхоьхьуьйтучу ахчанех боьзна бу къоьллехь бехарш.

Кхечу мехкашкара шайн гергарчаьргара ахчанаш кхочучу 80 сов доьзалша хаамбарца, доккхачу декъанна оцу ахчанех сурсаташ а, кхинйолу доьзалехь оьшург а оьцу цара.

Къинхьегаман миграцин экспертна Ульмасов Рахмонна хетарехь, Таджикистанера хьал цIеххьана толур ду тIедогIун долчу шарахь.
Иза тешна ву, Таджикистанера белхахой Оьрсийчохь хIинцале а оьшуш бу аьлла. Мигранташ чубитина ца Iаш, шайн лаамехь уьш чукхийла декхаре хир ю Москва. Пандеми яржале хьалха деллачул а алсам алапаш хIиттон кийча ю Оьрсийчоь таджикхошна.

"Оьрсийчуьра пачхьалкхан бахамкхиоран 10 процент терахь (ВВП) мигранташ бахьанехь кхуллуш ду. Царех цхьаъ йа ши процент - таджикхойн къинхьегаман мигрантех, - аьлла, билгалдоккху Ульмасов Рахмона. - Ойла ейша, и мигранташ ца хилахь хIун хир ду аьлла хета шуна? Нагахь санна, миграци 50 процентна лахлахь, и бохург ду, 5 процентна Оьрсийчохь ВВП лахлур ю. Уьш декхаре хир бу и гIулч яккха!".

Эксперто бохург кхочушхир ду йа дац, кхеташ дац. Амма, мухха делахь а, Дуьненан банкан аналитикаша 2021-2022-чу а шерашкахь ситуаци толур ю боху, нагахь санна, COVID-19 вирусна дуьхьал вакцина хилахь.

Материалан оригинал еша кхузахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG