ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Капитолин цIенна хьалха гулбелла Трампан агIончаш шайн митинг йирзинчул тIаьхьа


Вашингтонна юккъехь, КIайн ЦIенна хьалха, митинге хIиттира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан агIончийн тахана. Масийтта эзар стаг вара цигахь дакъалоцуш. Гуламхошна хетарехь, юхалиста беза дIадахана шо доьрзуш хиллачу президентан харджамийн жамIаш. Ткъа харжамхойн коллегино билгалдина демократ Байден Джо тоьлла хилар.

Гулбеллачарна хьалха къамел дина Трамп Дональда. "Вай цкъа а юхадевр дац", - дIахьедина цо. Шен къамелехь президента юха а пресса бехкейина харжамийн компани йоьдуш шех лаьцна доцург дийцарна. Цо бахарехь, Штаташкахь харжамаш "кхоалгIа дуьне" шайх олучу паргIато йоцчу пачхьалкхашкахьчул а ирча дIабаьхьина. "Вай могуьйтур дац вешан кхаьжнаш лечкъо", - аьлла Трампа.

Хьалха гуламехь къамел дира президентан кIанта Трамп Эрика. Харжамашкахь харцонаш лелийна, гулбеллачех стагга а ца теша Байден Джон толамах, бохура цо.

Митинг йирзича гуламан декъашхой бахара Американ Штатийн Конгрессан цIа лаьттачу Капитолин барзе.

Трампан цхьаболчу агIончийн аьтто балла цIенна чукхача.

Fox News телеканало гойтуш ю гуламхой полицица къийсалуш яьхна видеоматериалаш.

Дечкен-беттан 6-чохь, кхаарин дийнахь, президентан харжамашна сертификат яла езаш ю Конгресс. Иштта хуьлуш процедура ю иза президентанна тажтиллале.

Векалийн Палатерчу бIе сов республиканхочо а, иттех сенатора а дIахьедина, шаьш цхьаццайолчу, Байден тоьлла лоручу, амма шеконехь йолчу штаташкахь (Аризона, Джорджия, Мичиган, Невада, Пенсильвани и Висконсин) харжамкъасторхоша бина сацам кхеле бала дохку, аьлла. Оцу хьокъехь хаам баржийна "Американ Аз" радионо.

XS
SM
MD
LG