ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс "Мерседес" совгIат йина ММА-н латархочунна Чимаевна


Швецерчу спортхочо Чимаев Хьамзата Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан карара схьаэцна "Мерседес" машенан догIанаш.

"Спортан «Ахмат» клубан декаъшхошца цхьаьна оха тIеэцна иза Соьлжа-ГIалахь", - билгалдаьккхина Кадыровс.

Цунна баркалла аьлла шен инстаграм-постехь Чимаевс а.

Хьалхо а хилла ММА-н спортхо Нохчийчохь. Суьрташ ду даьхна, социалан машанашкахула лелаш, царна тIехь ницкъхойн духар а доьхна, автомат карахь ву Чимаев. Оьрсийчоьнан низамаша доьхку "пачхьалкхан васташ тIехь долу тIеман, къепелатторан, тIехьажаран организацийн духар лело" оцу урхаллашкахь болхбеш боцучарна – административан гIуда ду тухуш, ткъа герз лелорна озаво бехктакхаме.

Чимаев, 1ADAT телеграм-каналера сурт
Чимаев, 1ADAT телеграм-каналера сурт

Кавказ.Реалии редакцин хаа аьтто ца баьлла муьлхачу хьелашкахь доьхна Чимаевс тIеман духар шена тIе, караэцна герз.

  • Хьалхо Bloody Elbow журналан корреспондента Зидан Карима в Twitter машанехь критика йира Чимаевна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан волчу вахарна, Зидана диктатор лору Кадыров.
  • Чимаев Хьамзат схьаваьлла Нохчийчуьра. Масех шо ду иза Швецехь веха. Шен карьера йолалучу муьрехь буса болхбечу клубашна хадеш хилла иза, къахьегна Швецерчу цхьана фабрикехь а.

XS
SM
MD
LG